▪️Сан уггаре хьомсара а, дика а доттаг1ий иштта букха:
Цаьргара инзаре пайда оьцу ас х1ора денна , динан а дуьненан 1илма доьвза суна царехула. Уггаре коьрта некъ бевзина суна цаьргара из: Далла герга вуьгу некъ а, Цунна нийсса 1ибадат даран некъ а
▪️ Со шайца цхьан хьежамехь я ойланехь реза цахилча соьца къийсаме цабуьйлу уьш я девне а цабуьйлу , сайна хетарг нисдан а йиш ю сан , сайн хетарг ала йиш хуьла сан цаьрга.
▫️Со г1айг1ане волуш цаьрга сихо йо ас , цаьрца цхьана виссича синтем а парг1ато хуьлу суна .
▪️Суна гергахь нах а цабуьйцу цара , я ас бийцича ла цадуг1у цара .
▪️Х1ора а ша тайпа хуьлу уьш , де-дине мел долу керла керла т1екхеташ бу сан уьш, мел дукха уьш хиларх, дукха а цахетакх .
▫️Сан мел дукха даьхни хиларх соьца хьаг1 цахюла церан , со мел къен хиларх куралла а цайо цара .
▪️Х1ора а царах сайн бераш санна хьоме хета , царах гена ваьлча , нанас шен берана санна сагат а ло .
▫️Муьлхачу хена со веъча ,со новкъа а цахуьлу царна, царна айса дойъу ахча цкъа дукха а цахета суна я эрна а цахета .
Дица царах диканаш шорта ду да-м, делахь ас буьйцу доттаг1ий « Жайнеш » дукха.